Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. Динан дайшка ЮшаІа элира: «Бартбаран тІорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тІорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира. Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дІадоладелча, динан дайша бартбаран тІорказ, нахана хьалха а даьккхина, дІадаьхьира. Халкъ царна тІаьххье дІадахара. ТІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кІа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дахьаш богІу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тІехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тІехула Йорданах дехьабовллалц. Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хІордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дІа а лакъийна. Цо Шен къам доккхадерца арадаьккхира, цара самукъане маьхьарий а детташ, Мисар-махкара Ша хаьржинарш Цо арабехира.
Выбор основного перевода