Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу, иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а. Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цІе. Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана дерриг а Цуьнан халкъана хьалха. Ас баркаллин сагІа Хьуна доккхур ду, иштта доІанца Везачу Эле кхойкхур ву. Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана а, дерриг а Цуьнан халкъана а хьалха, Везачу Элан цІийнан керташкахь, хьуна юккъехь, ва Ярушалайм-гІала! Везачу Элана бу хастам! Дош цадалар дикаха ду, дош а делла, иза кхочушцадарал.
Выбор основного перевода