Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла хезар дуй те цуьнан тийжар, цунна бохам тІебеача? Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь, хІунда аьлча цунах дІаверзарна гІело хьоьгуш ма ву хьо. Іесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доІа Цунна хезаш ду. Товрат-хьехаме ладогІа хьан лаам ца хилахь, хьан доІа а Везачу Элана дегаза хетар ду. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу. Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хІунда аьлча аша дикачу хІуманна ца доьхуш, дуьненан хІума тІех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху.
Выбор основного перевода