Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дІахІотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. «Нагахь цхьаммо, бертан сагІа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. Везачу Элана лерина сагІа доккхур ду. Дийнаташ дагоран сагІина цо бан беза тІехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла Іахар. Къинан сагІина а бан беза тІехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла жий. Ткъа бертан сагІина бан беза тІехь цхьа а сакхт доцу ка. ТІаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагІанашна, дийнаташ дагоран сагІанаш а тамехь хир ду Хьуна, тІаккха Хьан сагІа доккхучу кхерча тІе стерчий дохкур ду.
Выбор основного перевода