Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цІена хилла дІахІуттур ву со. Везачу Элан дешнаш – цІена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхІазза дахчийна дети санна уьш ду. Сан деган кІоргене хьаьжира Хьо. Буьйсанна сан терго а йина, со Ахьа зийча, цхьа а вониг ца карийра Хьуна. Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта сацам бина аса. Дети кеда чохь цІандо, деши кхерчахь зело, ткъа адамийн дегнаш Везачу Эло зоь. Хьажал, хьо цІанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь. Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгІазаллин цІеран Іаь тухур ю шуна тІе, тІаккха шу цу юкъахь лелар ду. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Шу цунах даккхийдеш ду, хІинца кІеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама. Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хІума хуьлу аьлла.
Выбор основного перевода