Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯІзиран а, ГалІадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна. Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маІаш гомашан маІаш санна ю. И маІаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тІемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу». Ткъа ах ГалІад-мохк а, Башанан паччахь ІовгІа чохь Іийна Іаштарат а, ЭдреІи а гІаланаш а Маннашан кІентан Макиран кІенташна дІаеллера. Макиран кІентех шайн гаранашца эханна кхаьчнера уьш. Цо иза ГалІадана а, Ашурайна а, ИзраІална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тІехь паччахь вина дІахІоттийра.
Выбор основного перевода