Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хедар боцу Хьайн безам Ахьа кховдабехьа, Ахьа шаьш лардар лоьхурш ницкъ беш тІегІертачех Хьайн бакъахьарчу куьйгаца кІелхьарбохуш верг. Хьайн аьтту куьйгаца тхо кІелхьар а дахахьа, оха дина доІа дІа а хазахьа, Хьайна безнарш паргІатбовлийтархьама. Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гІала а йоькъур ю, Сакхат-тогІи а дІасайоькъур ю. Эрна ду шун хьалххе хьалагІовттар а, хан яллалц Іар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Іуьллушехь.
Выбор основного перевода