Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда, БаІал-Паруциме а вахана, пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цІе, БаІал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). Амма хІинца-м Ахь дІатесна тхо, Ахь юьхьІаьржачу а хІиттийна тхо. Тхан эскаршца ара ца волу Хьо. Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгІазвахар, Хьан эмгаралла, цІе санна, йогуш мел лаьттар ю те? Дела! ЮхаметтахІиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тІера серло тхуна лепийтахьа, тІаккха тхо кІелхьардаьхна хир дара.
Выбор основного перевода