Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Рахьубан кІант ХІадад-Іезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Іохкуш долчу латтанаш тІехь шен паччахьалла дІахІотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра. Цо цуьнгара цхьа эзар ворхІ бІе бере а, ткъа эзар тІемало а схьаваьккхира. Шен гІудалкхашна хьалха дІайожа бІе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо. Цоба-мехкан паччахь волчу ХІадад-Іезарна гІоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хІаллаквира. Дауда арамхой Іаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дІахІиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дІахІиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цІа воьрзуьйтура. ХІадад-Іезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара. ХІадад-Іезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гІалара а цо дукха ез схьадаьккхира. Хьамат-гІалахь паччахь волчу ТоІина хезира, ХІадад-Іезаран эскар Дауда эшийна аьлла. ТІаккха ТоІас шен кІант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХІадад-Іезар эшаварна баркалла ала а, ХІадад-Іезар шеца кест-кеста тІом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогІуш, Йорама дашо а, дато а, цІестан а пхьегІаш еара. Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гІуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хІума санна, эдомхошкара а, муабахошкара а, Іамминхошкара а, пІелаштамхошкара а, Іамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кІантера ХІадад-Іезарера ша схьадаьккхинарг санна. Дуьрачу тогІи чуьра, берхІитта эзар эдомхо а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чІогІа сий деш цІе яккха йолийра. Йоаб шен эскарца арамхошна тІелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дІабахара. Іамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гІала дІабахара. Іамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара. Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дІахІоттийра. ХІадад-Іезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Іаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХІадад-Іезаран тІеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира. И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тІе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дІахІиттира. Уьш вовшех летира. Амма арамхой исраилхойх бевдда дІабахара. Церан гІудалкхех Дауда ворхІ бІе хІаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тІеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира. Цоба-мехкан паччахь волу ХІадад-Іезар Эпрат-хина йистехула Іохкуш долчу латтанаш тІехь шен паччахьалла дІахІотто воьдучу хенахь, Хьамат-гІалахь Дауда эшийра. Дуьра тогІи олучу меттигехь Царуятан кІанта Абушайс берхІитта эзар эдомхо эшийра.
Выбор основного перевода