Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дауда пІелаштамхошна тІехь толам баьккхира. Иштта, цо пІелаштамхойн карара цу лаьтта тІехь хилла олалла схьадаьккхира. Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тІе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дІабехира, ткъа кхозлагІчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дІахІиттира, кхунна ял а луш. Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дІахІиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дІахІоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цІа воьрзуьйтура. Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кІелхьарваьккхина со. Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тІехь куьйгалла дайта. Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гІуллакх деш лелаш ду. ХІара бу тийналлин махках болу хаам. СеІир-мехкашкара схьа мохь бетта соьга: «Хехо! Буьйсанан мел хан йисина? Хехо! Буьйсанан мел хан йисина?»
Выбор основного перевода