Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доІа а, Хьайн Исраилан халкъан доІанаш а, цара, хІокху меттехьа а бирзина, Хьайга доІа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Іаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доІа дІа а хазий, гечдехьа тхуна. Сан доІанаш дІахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цІийне ас куьйгаш ойучу хенахь. Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доІа до. Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь, Хьайн боккха безам хиларна, Ахь билггал со кІелхьарвоккхург хиларна, дІахазахьа со.
Выбор основного перевода