Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь, дІахазахьа со, сан бакъволу Дела. Хала киртиг тІехІоьттича, Ахь гІо дора суна, хІинца а хилахьа соьца дика, сан доІанна жоп лохьа. Даудан доІа. Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дІа а хазий, тергамца сан тийжаме ладогІахьа, харц йоцучу сан багара доІа тІеэцахьа. Веза Эла, сан Тарх а, суна паргІато Лург а, сан бетера долу дешнаш а, сан деган ойланаш а тамехь хуьлийла Хьуна хьалха. Ва Дела! Сан доІа хазахьа, сан багара дешнашка ладогІахьа.
Выбор основного перевода