Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Ахьа, Дела, уьш кІоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цІий Іеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Іаш хир ву. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Ткъа кІиллойн а, Іийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Іамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цІарах а, саьмгалх а богучу Іам чохь. Иза шозлагІа валар ду». ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.
Выбор основного перевода