Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо волчохь ю сан дІалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кІелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна. Дог цІена доцучу стеган дукха баланаш бу, ткъа Везачу Элах тешна Іаш волчунна Цуьнан хедар боцу безам хуьлу. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх. Цунна хьалха ларамах буьзнарш Цо декъалбийр бу. Лараме боцурш а, цІеяханарш а цхьатерра декъалбийр бу.
Выбор основного перевода