Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела зуламе гІуллакхаш дечеран Делан кхелана хьалха дІахІуттийла дац. Къинош летораш а хилалур бац Делан лаамехь болчеран гуламехь. Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Іесаниг а, ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза. Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Шаьш дІакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догІмаш могуш а хуьлу. Вонашка хьежа тІех цІена бу Хьан бІаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Іалур ма вац! Тешнабехк лелораш хІунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Іесачара дІакхаллар вист ца хуьлуш хІунда лов те Ахь? цабезам хилар, малар тІехдаккхар, лар тІера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хІуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хІинца а боху аса шуьга, и гІуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац.
Выбор основного перевода