Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТІаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!» Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера. Іесанаш шайн куьйга динчу гІуллакхаша дІалаьцна. Цхьаберш Іаьржачу боданехь бехаш Іаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гІайгІанехь а болуш, хІунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера. qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду.
Выбор основного перевода