Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хІордкеманашца цхьаьна лелара. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. ЯхІушаптис хІордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дІа ца кхечира. Новкъахь Іецйон-ГІебаре дІакхочуш хІордкеманаш, доха а доьхна, хІаллакьхилира. Малхбалехьарчу мохо иза дІаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тІера оцу мохо дІахьокхур ву иза. Веза Эла, леррина а оьзна, Ахьа таІзар дира цунна, цуьнца долу гІуллакх къаста а дина, Ахь иза йийсаре дІадигийтина. Малхбалера мох хьокхучу дийнахь санна, Ахь иза, Хьайн чІогІа хІо а хьаькхна, дІаэккхийна. Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дІа а яьккхина, йоха а йина, хІаллакйина хир ю аьлла, Аса дІахьедар дахь, Пийсакаш лелорхоша хьо генна хІорда юккъе дІайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.
Выбор основного перевода