Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа уьш цигахь баха хевшира. Хьуна лерина деза цІа а дина, цара бохура: Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гІо дийр ду. Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гІап ю. Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гІепашна чохь!» Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“. НеІалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагІ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагІ сагІина бан ша чІагІо йина йоллушехь, сагІина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цІе а ю халкъашна юкъахь кхераме».
Выбор основного перевода