Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тІаьхьене оха дІадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гІуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хІуманех а лаьцна. Цо Якъубан тІаьхьенна бакъонаш дІахІиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дІабелира. Тхан дайшна тІедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дІадовзийтар. Цу тайпана тІейогІучу тІаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дІадуьйцур а дара. ТІаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гІуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара. Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтІахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а. Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гІепашна чохь!»
Выбор основного перевода