Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан синна ницкъ а луш, Шен цІеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо. Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Вайн Дела – кІелхьардоху Дела ву. Хьалдолчу Элан карахь ду вайн Іожаллех довлар. Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тІехь массо а халкъан той хІоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагІар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагІар шира а, цІена а хир ду. Дерриге а халкъашна тІетесна йолу шаршу а, массо а къаьмнаш дІахьулдина долу кирхьа а дохийна дІадоккхур ду Цо цу лам тІехь. Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Цу дийнахь эр ду: «ХІара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кІелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кІелхьардахарна!» Везачу Элан куьг Цийон-лома тІехь ду, амма Муабин къам ша Іаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна. Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хІоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьІахкаш чІагІйийр ю, тІаккха хьо хих Іабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву.
Выбор основного перевода