Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. Ва Делан гІала, хьох лаьцна сийлахь хІуманаш олуш ду: Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза. qac Вqac*еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац. ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“. Амма шу тІедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гІала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь. Со дІахьаьжча, суна Цийон-лам тІехь лаьтташ болу и Іахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тІехь Цуьнан цІе а, Цуьнан Ден цІе а дІаязйина яра.
Выбор основного перевода