Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кху тептар тІехь яздина тІедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цІарах шу ца кхерахь, КанаІанхоша а, цу махкара берриг а кхечу наха а, хІара хІума а хезна, тхуна го бийр бу. Цара лаьтта тІехь ур-атталла тхан цІе а юьттур яц. Хьайн сийлахь цІе муха ларйийр ю Ахь тІаккха?» Везачу Элана хьалха доІа а деш, Хьузакх-ЯхІус элира: «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц Везачу Элан цІе хастаме хуьлийла. Малх гучуболучуьра малх дІабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цІе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш а, цІена долу сагІанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цІе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – И хилларг Эпас-гІалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чІогІа кхерабеллера. Везачу Элан Іийсан цІе кхин а сов лорура цара.
Выбор основного перевода