Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаІанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гІиргІашахой а, эмархой а, явсайхой а. Хийра халкъаш царна хьалхара дІалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дІа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хІусамаш чохь даха хаийра Цо. Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа.
Выбор основного перевода