Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа. Со маца охьахоу а, со маца хьалагІотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Цундела Іийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг. Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула кхел ечу дийнахь. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода