Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьоьга хьайн тІаьхьене а, тІаьхьенийн тІаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта». Шайн бераша хаттахь: „Иза хІунда деш ду?“ – аьлла, Цу дийнахь хьайн кІанте ала: „Везачу Эло, Мисарара со араволуш, суна динарг бахьана долуш, лору ас хІара де“. Хьан кІанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хІунда деш ду?“ – аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргІатдаьхна вай. аш цаьрга иштта дІаала: „Вай Мисар-махкахь пирІунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тІаьхьенан хьехаме назма. ДІадаханчу денойх лаьцна ас ойла йо, тохарлера шераш суна дагаоьху. Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера, вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера. Мисар-махкахь, ЦоІан олучу кІоштахь, церан дайн бІаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хІуманаш.
Выбор основного перевода