Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гІуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара. Шайн дай санна, уьш а Делах дІабирзира, иштта тешаме боцуш а лелара. Уьш харц секхаІад санна хилира. Везачу Эло чІагІо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагІашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагІар а мер дац, ахь шена тІехь болх бина долу. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тІе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар.
Выбор основного перевода