Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эзарна тІаьхьа цхьа мостагІа муха валалур вара, шина мостагІчуьнга итт эзар исраилхо муха дІавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча! Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. Веза Эла оьгІазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дІаделира. БархІ шарахь Іийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кІелахь. Веза Эла оьгІазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пІелаштамхойн а, Іамминхойн а кара дІабелира. Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тІом бина болчу пІелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гІалин тІеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дІабелира уьш Везачу Эло. Везачу Эло хІара боху шен халкъе: «ХІумма а йоцучу хІуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу». Сан Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьалха Сан халкъ Мисар-махка даханера, цигахь дахархьама. ТІаьхьо ашурхоша Іазапехь даллийра иза. ЯхІудан хьал а, хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ю. Иза массо а меттехь цара летийна къинош бахьана долуш хир ду. Шун кІентий а, йоІарий а яхІудхошна дІабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дІабухкур бу», – иштта аьлла Везачу Эло.
Выбор основного перевода