Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгІазаллица дуьхьал, и оьгІазалла сан мостагІийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахІоттаехьа нийсо. Амма хІинца-м Ахь дІатесна тхо, Ахь юьхьІаьржачу а хІиттийна тхо. Тхан эскаршца ара ца волу Хьо. «Массо а ханна дІатеттина те со Хьалдолчу Эло, кхин цкъа а резахир вуй те Иза? Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна. ХІорд чІогІа ловзабелира, яккхийчу тулгІенаша хІордкема дІасакхуьйсура. Амма Іийса вижначуьра меттах ца волура. ТІаккха, тІе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КІелхьардахахьа вай! Іожалла улло кхаьчна-кх вайна!»
Выбор основного перевода