Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ченал дукха дети шена гулдахь а, поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а, уьш Делан лаамехь болчара тІедухур ду, цуьнан дети цІена лелачара доькъур ду. Эрна ду шун хьалххе хьалагІовттар а, хан яллалц Іар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Іуьллушехь. Сан дог делира айса стигална кІел мел динчу халачу гІуллакхех, хІунда аьлча цу гІуллакхех хилларг сол тІаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх. Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тІе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хІума ду. Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дІа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хІума а хоьур ю. ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хІунда аьлча тахана долуш долу дуьне дІадолуш ду. Шуна ца хаьа, кхана хІун хир ду. ХІун ду шун дахар? КІеззигчу ханна деана а, юха дІадолу а дохк ду иза.
Выбор основного перевода