Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“». Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дІататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна. qac Рqac*еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш. Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта. Веза Эла, сан бете ха хІоттадехьа, сан балдийн неІарехь гІарол дехьа. хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало.
Выбор основного перевода