Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІайман а, Ядутун а хІоттийнера турбанашца а, цІастанан негІаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гІирсашца а мукъам балорна тІехь. Ткъа Ядутунан кІентий кевнехь дІахІиттийна бара. Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Асайпан кІентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхІу, Асар-Эла. Асайпан кІенташа цуьнан куьйгаллехь гІуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора. Ядутунан кІентех вара: Гадал-ЯхІу, Зари, ЯшаІ-ЯхІу, ШамаІи, Хьашби-ЯхІу, Маттит-ЯхІу. Уьш ялх кІант вара. Царна тІехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш.
Выбор основного перевода