Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хІунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду. ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. Ахь дагардина сан дакъазаваьлла леларан денош. Сан бІаьрхиш Хьо волчуьра пхьегІи чу гулделла, Хьан тептар тІехь-м дац те уьш? Веза Эла! ДІахазахьа сан доІа, сан орца даккхар Хьо волчу дІакхочийла. Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хІуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тІедаьхкина нах а ду лаьтта тІехь. Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тІом бечу дегІан лаамех ларлолаш.
Выбор основного перевода