Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кІалд санна, вукъвира Ахьа со. юхавоьрзур воцучу меттиге со дІакхалхале – бода а, Іожаллин ІиндагІ а долчу махка, Амма адам делча, иза телхий, дІадолу. ТІаьхьара са дІа а долий, адам кхин ца хуьлу. Іам чуьра хи къайладалар санна а, хи дІа а дахана, Іовраш якъалуш хилар санна а, иштта стаг дІа а вуьжу, кхин хьала а ца гІотту. Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац, шен даларан набарх сама а доккхур дац.
Выбор основного перевода