Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма паччахьо элира: «ХІун дийр ду аса шуна, Царуятан кІентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хІунда леладо?“ – ала мила ву?» Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дІататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна. Ткъа суна-м хезаш дац, къорачунна санна, ву со бага дІа ца йоьллу, мотт ца хуург санна. Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со, ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со. Ткъа сан баланаш совбевлира. Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгІазло дІакхоьхьур ю, сан гІуллакх цхьалха а даьккхина, суна тІехь Цо кхел яллалц. ТІаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю. бІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.
Выбор основного перевода