Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагІийн а, Шаулан карара а кІелхьарваьккхинчу дийнахь. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. qac Еqac*рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш. Цунна дІа а ма хезира ас деш долу доІанаш. Сан мел болчу кхерамех со кІелхьарваьккхи Цо. qac Хqac*еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича. Церан берриге а баланех Цо уьш кІелхьарбоху. qac Чqac*ІогІа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кІелхьарвоккхур ву. ХІунда аьлча Везачу Эло мискачаьрга ла а дугІу, йийсарехь болу Шен нах Цо дІа а ца тотту.
Выбор основного перевода