Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду». qac Сqac*овдоккхуш дикалла, зулам дарх дІаверзалахь – лаьтта тІехь гуттаренна а вехар ву хьо. Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гІерталаш. Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тІехь иракарахІиттор а леха вай. Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цІена хила хьовса. ЦІеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац. Хьоме доттагІа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гІуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гІуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар.
Выбор основного перевода