Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха жоп луш, Дауд-паччахьо элира: «Сан массо а халчу баланех со кІелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, qac Іqac*ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гІайгІанех, Дела, паргІатдаккхахьа Исраилан халкъ. Ахь кІелхьардаьккхина сан са доккхадеш ду, Хьуна хастам беш, сайн багахь ас мукъам бечу хенахь. Со валарх а ларво Цо. Шен хедар боцучу безамца а, къинхетамца а го бо Цо. Делахь, хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц, Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш. Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза.
Выбор основного перевода