Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Дqac*екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца. Язъе вай массара а Цуьнан еза цІе хІинца. qac Иqac*штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дІахеза. Цуьнан массо а баланех Цо и кІелхьарвоккху. qac Хqac*еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича. Церан берриге а баланех Цо уьш кІелхьарбоху. Делан лаамехь лелаш верг, ворхІазза охьавоьжча а, хьалагІоттур ву, ткъа Іесанаш – бохамаша охьаэгор бу. Амма цуьнца Дела вара, Цо иза массо а халонах кІелхьарваьккхира. Дала Юсупна хьекъал а делира, Мисаран паччахь, пирІун, кхунна тІе а тайтира. Цу паччахьо Юсуп берриг а Мисаран а, шен цІийнан а куьйгалхо вира. Кипа меттавеача, цо элира: «ХІинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХІародан куьйгех а, жуьгташна луучу таІзарх а со кІелхьарваьккхинийла». Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гІалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кІелхьарваьккхира со. Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тІаьхьа а хІоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.
Выбор основного перевода