Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Доьхна са – иза Далла луш долу сагІа ду. Дохкодаьлла а, муьтІахь долу а дог Ахь дІатоттур дац, Дела. qac Цqac*Іеначу даггара Шега кхойкхучарна, массарна уллохь ву Веза Эла. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.
Выбор основного перевода