Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира: «Ас Везачу Элана назма олу, И сийлахь-воккха хиларна. Дин а, бере а цхьаьна Цо хІорда чу кхоьссина. Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. Веза Эла сийлахь тІемало ву, Цуьнан цІе ЯхІува ю. ПирІунан эскар а, гІудалкхаш а хІорда чу кхиссина Цо, тоьлла болу пирІунан тІеман хьаькамаш Эрзан хІорда чу бахана. КІоргачу хиша уьш къайлабехира. ТІулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш. Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду. Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагІа хІаллаквина. Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгІазалла царна тІе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш. Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна, пен санна, дІахІоттийра. ХІордан кийрара хи дукъделира. МостагІчо элира: „Царна тІаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас, церан хьал схьа а доккхур ду. Тур а даьккхина, сайн дог Іабош, сан куьйго уьш хІаллак а бийр бу“. Амма Ахь царна тІе мох хьаькхира, тІаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хІордан буьрсачу хиша дІахьулбира. Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Ахь аьтту куьг тесча, уьш Лаьтто дІахьулбира. Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кІелхьардаьккхина халкъ, онда гІо лоцуш, езачу Хьайн хІусаме дигна хир ду Ахь. Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц». Сисра вийначу дийнахь Дебирассий, Аби-НуІаман кІанта Баракхий хІара назма элира: «Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а, халкъ лараме хьалагІаттарна а, хаставе Веза Эла! ЛадогІалаш, паччахьаш! Тергаме хилалаш, хьалдолу нах! Хьуна дІаолу аса хІара назма, ва Веза Эла. Исраилан халкъан Везачу Далла хастам а бо ас. Веза Эла, Хьо, СеІирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогІучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тІадамаш ледош яра, мархаш догІа Іенош яра. Лаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь, ур-атталла хІара Синай-лам а бегабора Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха. Іанатин кІант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а, ЯІалан заманашкахь а некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара, ткъа некъаш даьсса дара. Исраилан махкахь йолчу ярташкахь кхин ца Іийра, со, Дебира, гІатталц, ца Іийра цигахь нах, Исраилан халкъан нана со хилла дІахІотталц. Уьш керлачу деланашна тІаьхьахІиттича, гІалин кевнна улло тІом беана схьакхечира. Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь я турс а, я гоьмукъ а ца карийра. Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду. Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагІевттинчаьрца ду. Хастам хуьлийла Везачу Элана! КІайн варраш тІехь дІадоьлхурш а, нуьйра тІехь хиъна Іийраш а, гІаш дІадоьлхурш а, ойла елаш Везачу Эло диначун! Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш. Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу, Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна: Хьала а гІаьттина, Везачу Элан халкъ гІалин кевнашна тІедахара. ХьалагІатта, Дебира, хьалагІатта! Хьайн назма дІаала! ХьалагІатта, Аби-НуІаман кІант Баракх, шайна йийсар динарш схьалеца! ТІаккха халкъ Сарид-юьрта охьадоьссира, куьйгалхошна дуьхьал. Везачу Элан халкъ соьца цхьаьна майрачарна дуьхьалделира. Іамалекхахь орамаш хилларш Эпрайм-махкара схьабогІура, ва Бен-Яманан тайпа, хьоьца болу нах хьуна тІаьхьа хІиттина. Макир волчуьра схьабогІура куьйгалхой, Забулан тІаьхьенан хьаькамаш а схьабаьхкина. Иссарханан элий а Дебирица бара, Иссарханан тайпа иштта Баракхца дара. Цунна тІаьхьа тогІи чу араделира иза. Раабанан тайпанна юкъахь доккха дар-дацар дара лаьтташ. ХІунда Іа хьо гІотанашна юкъахь хиъна, бажа Іоьхуш ла а доьгІуш? Раабанан тІаьхьенна юккъе даккхий дар-дацарш ма деана. ГалІадара халкъ Йордан-хил дехьа дисира. Ткъа Данан тайпа хІунда дисира хинкеманашца? Ашаран тайпа хІордан йистехь дисира, йисте догІийла йолчохь. Амма Забулан а, Напталан а халкъаша, шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тІом бира. Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира, канаІанхойн паччахьаша тІом бира. ТаІнакахь, МагІиддан хиш долчохь, и хилла, амма дато хІонс ца кхечира царна цигара. Стигалара седарчий а дара вовшахлеташ. Уьш шайн некъашкахь Сисрица тІом беш дара. Къишун-хино дІабаьхьира уьш. Чехка доьдуш долу хи ма ду иза. Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дІагІо! ТІаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогІуш яра, цара ден татанаш схьахезаш дара. „НеІалт хуьлда Мераз-гІалина, – элира Везачу Элан Малико, – Билггал неІалт хуьлда цуьнан бахархошна, цара Везачу Элана гІо ца дарна, шайн майрачу тІемалошца цхьаьна“. Декъала хуьлда кхенахо волчу Хьебаран зуда ЯІал! Четарш чохь бехаш болчу зударшна юкъахь декъала хуьлда иза! Сисрас мала хи дехча, цо цунна шура елира. Элашна хьалхахь лелош болчу кеда чуьра схьа а йоьттина, мустъелла шура елира. Шен четар чуьра ара а яьлла, хьокха схьа а эцна, аьтту куьйга варзап схьаийцира цо. И хьокха Сисрин лергъагІонах чекхбаьккхира цо. Цуьнан когаш тІе а тевжина, иза циггахь воьжна Іуьллуш вара. Цуьнан когаш тІе таьІІинчохь валар а хилира цуьнан. Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана. Цо елхарца хаьттира: „Сан кІентан гІудалкх хье хІунда елла? ХІунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“ Хьекъал долуш болчу цуьнан ялхоша жоп лора цунна, цо ша-шена ма-даллара: „Схьахетарехь, уьш, хІонс а карийна, шайна юкъахь иза йоькъуш хир бу. ТІемалоша хІораммо а шайна цхьаъ я ши йоІ схьаоьцуш хир ю. ХІонс юкъара бес-бесара бедарш Сисрас шена схьахоржу. ХІонс юкъара бес-бесара юьйцина цхьа бедар а, бес-бесара тир яьккхина ши бедар а хІонс яьккхинчун коча уллу“. Иштта хІаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагІий, Веза Эла! Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богІуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!» Шовзткъа шарахь лаьтта тІехь машар лаьттира. ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Адамийн питанех Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш. Дуьхьал лоьчу меттанех Хьайн ІиндагІехь къайлабоху Ахь уьш. qac Рqac*езахиларца сатуьйсу ас Хьан даше. Хьо – сан дІалечкъийла а, сан турс а ду.
Выбор основного перевода