Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду, Цуьнгара долчу кІелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду. Къинош леточарна вон тІаьхьадаьлла лела, ткъа бакъахьа болчарна диканиг лур ду. Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг декъала хир ву. Іеса нах ловзабаьлла хІорд санна бу. И хІорд дІа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу. Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тІетовжа меттиг – Веза Эла ерг а. Зулам деш волчу хІоранна а гІайгІанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна!
Выбор основного перевода