Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан Дела! Ва сан Дела! Со хІунда вити Ахьа? Ас чІогІа орца даьккхинехь а, сан кІелхьарвалар генахь ду суна. Сингаттамо дахар а гІелдина сан, шераш а узарш деш дІадовлу сан. Аса къинош леторна, сан ницкъ а дІабаьлла, сан даьІахкаш а малъелла. Ца мегачу ваьлла со, воха а воьхна, узарш деш лела со, дог чІогІа дохарна. Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со, ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со. Ткъа сан баланаш совбевлира. Сан дог алу хилла дІахІоьттира. Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цІе елира. Со сайн маттаца дийца волавелира:
Выбор основного перевода