Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таІзар дора Цо царна, дегІа тІе хІуманаш юьйлуьйтуш, Іазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гІалахь хІоттийна а ца Іаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хІоттийнера. ТІаккха цара, массо а пІелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тІорказ ша хиллачу дІадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хІаллакдале!» Іекхран-гІалара бахархой чІогІа кхерабелла хилла, хІунда аьлча церан дахар цу хенахь чІогІа эрчадаьлла хилла дела. Цундела сох болчу кхерамо хьо Іада ма во, хьуна тІехь болу сан Іаткъам беза хир бац. Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тІехь ма ду уьш, беза мохь санна.
Выбор основного перевода