Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. Ас чІагІо йо, сайн къинош сайн четахь дІа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хІунда аьлча адамийн тобанех со дІакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хІусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара. Со къера ву сайн харцонашна, дохковаьлла со сайн къинна. Сайн харцонашна къера ву со, айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду. Малхбалехьара малхбузенга кхаччалц йолу еха юкъ санна, дІакъастадо Цо вай хьерчийна долу къинош вайх. Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тІе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дІа а хаийтина, уьш дІатасахь, цунах къинхетам бийр бу. ДІавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.
Выбор основного перевода