Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда ду те хьо сингаттаме, сан са, карзах хІунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгІуш хила, хІунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КІелхьарвоккхург волчу сайн Далла. Ва Дела, кІелхьарваккхахьа со, хІунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш. Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доІа до. Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь, Хьайн боккха безам хиларна, Ахь билггал со кІелхьарвоккхург хиларна, дІахазахьа со. Лакхара Хьайн куьг а кховдадай, буьрсачу хих а, хийрачу махкара болчу нехан карара а кІелхьарваккхахьа со. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.
Выбор основного перевода