Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«АхІароне а, цуьнан кІенташка а иштта дІаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе: Везачу Эло шу декъал а дойла, Цо шу лар а дойла! Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла! Везачу Эло Шен юьхь шуна тІе ерза а йойла, Цо шуна синпаргІато а лойла!“» Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цІе а йоккхуш, исраилхошна тІехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой». Іазап хьоьгучу хенахь Делан лаамехь болчарна Веза Эла чІагІо санна ву, Цуьнгара церан кІелхьарбовлар ду. ТІом болучу дийнахь говр кечйо, амма толам Везачу Элера бу. Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КІелхьардохург а вац. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гІерта. Со воцург, шу кІелхьардохург кхин цхьа а ма вац. Амма сайна тІера сагІа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кІелхьарвалар!»
Выбор основного перевода