Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гІаттийна, дов дарца сан беснеш тІе етта цара, уьш массо а суна дуьхьалбовлу. Юха а валий, Веза Эла, паргІатдаккхахьа сан са! Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кІелхьарваккхахьа со. Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгІазаллица дуьхьал, и оьгІазалла сан мостагІийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахІоттаехьа нийсо. Сан Веза Дела, гІаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа, Іазапехь берш а Ахь биц ма бехьа. Дела! Церан багара цергаш кегъехьа! Веза Эла! Цу лоьмийн мочхалш атахьа!
Выбор основного перевода