Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хІоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Іалашвен йолу гІап ю. Ас хьуна ден долу совгІат а доккха ду». ТІаккха сан корта суна го бинчу мостагІашна тІехь хьалаайабелла хир бу. Иза Іаш волчу меттехь аса, аз а айдеш, массо а тайпана сагІанаш дохур ду, Везачу Элана хьалха аса иллеш а, хастаме назманаш а эр ду. Веза Эла сан чІагІо ю, со ларвеш долу турс ду Иза. Цунах тешна дара сан дог, тІаккха Цо гІо дира суна. Сан дог доккхадеш ду, сайн иллешца ас хаставо Иза. qac Рqac*езахиларца сатуьйсу ас Хьан даше. Хьо – сан дІалечкъийла а, сан турс а ду.
Выбор основного перевода