Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІа доккхучу хенахь Абушалама шена тІе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гІалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чІагІлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара. Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тІедирзина». Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагІовтта, девдда дІагІур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кІелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дІадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гІала а хІаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».
Выбор основного перевода