Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан, сено кІорнеш еш гиний хьуна? Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кІорнеш кийрахь лелайо? Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза? Шайн кІорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьІа, иштта шайн кІорнеш дуьнен чу йоху. Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий, тІаккха, кхин цкъа а юха ца догІуш, дІадоьлху. Веза Эла! Деза суна Хьо Іаш волу цІа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а. Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
Выбор основного перевода